Суфян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Зуда ялийнарг, хIорда чу ваьлла». Тазкиратус-самиI, 36. ━━━━━━━━ Зуда ялор хIордах тардина цо. ХIунда аьлча хIорд цхьана хьолехь лаьтташ боцун дела. Цундела, шена хуьлуш йолу халонаш лан еза цо.
ИСИСЛАМАНСЕРЛО
КатегорияOtherЯзыкRUДобавлен06 июл. 2026 г.КачествоПроверен
Подписчики1.5K
Сред. просмотры900
ERR60.9%
Цена-- RUB
Цена / подписчик--
Цена / просмотр--
Метрики обновлены: 06 июл. 2026 г.
Последние посты
Хьуна хаийла, къемат-дийнан майданашкахь хьан массо межено цIенчу, паргIатчу маттаца хьуна доьхьал тешалла дийр долуш хилар, массо халкъашна хьалха ахь лелийнарг гучудоккхуш. Лекха хинволчу Дала аьлла: "(Цу) дийнахь тешалла дийр ду царна доьхьал церан меттанаша, церан куьйгаша, церан когаша, цара деш хилларг схьадуьйцуш". Сурат «Аннýр», 24 айат. Кхин а аьлла Лекха хинволчу АллахIа: "Тахана (къемат дийнахь) Оха тухур ду мохIур церан бетош тIе, Тхоьга дуьйцур ду церан куьйгаша, тешалла дийр ду церан когаша, цара лелош хиллачуьнца". Сурат «Йáсúн», 65 айат.
https://youtube.com/shorts/lKha_hjYHEE?si=uJ-mrYQNonGmlFHV Бусалба стага аьшпаш ца буьтту! ❌ Шен хьехамехь Шейх Набийл ал-Iивадыйс билгалдоккху, аьшпаш биттар массо а хьекъал долчу нахана (бусалба боцчарна а) дегаза хеташ хилар. Пуьчаш битта марзвелчу стеган нахана юкъахь а, Далла гергахь а сий дов. АллахIа лардойла вай цу вочу куьцах! 🤲 ✨
https://youtube.com/shorts/Uqee9ubIpuE?si=FUSxz4KrSOiQQF5f ✨ Аьтту агIон тIе вижаран пайданаш | Iабдуддаим ал-Кахьийл Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) дIавуьжучу хенахь аьтту агIор вижа аьлла динчу хьехаран къайле, тахана Iилмано гучуйоккхуш ю! 🔬 Iилманчашна хIун карийна цунах лаьцна? • Хье цIанбалар: Токиора университетан талламхоша бах, аьтту агIон тIе вижаро хье зене йолчу информацех а, токсинех а цIанбан гIо до. • Даго садоIу: Дог аьрру агIор хиларна, аьтту агIон тIе вижаро дагна хуьлуш болу Iаткъам байбо. Къаьсттина баккхийчу нахана пайдехь ду иза. • Са дIацалецар: Букъ тIе вижарца дуьстича, аьтту агIор вижаро буьйсанна салийцарх (апноэ) лараво. • Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Хьо меттавала воллучу хенахь, айхьа ламаз дан ма-эццара ламаз а эций, цул тIехьа хьайн аьтту агIон тIе дIавижа». И дерриг 1400 шо сов хьалха цхьана а Университетехь дешна воцчу вайн Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) АллахIа Iамийна ду! СубхьаналлахI!
25 июнь 2026 Iашураъ де ду Кхана Мухьаррам беттан иссалгIа де ду, Пайхамара (ﷺ) ша юха шаренга валахь марха кхобур ду аьлла долу, цундела иссалгIачу дийнахь, итталгIачу дийнахь марха кхобуьйла дикане кхачалуучо, шена лаахь цаьршинца цхьаьна цхьайтталгIа де а кхаба мегар ду Iеламнаха и билгал ма дарра.