Абу 1абдуллах1

@payde10VerifiedLive API

CategoryOtherLanguageRUFirst seenJul 06, 2026QualityVerified
Open in Telegram
Subscribers625
Avg views197
ERR31.5%
Price-- RUB
Price / subscriber--
Price / view--
Metrics updated: Jul 07, 2026
Recent posts
62Jul 6
Некъа волучунна хаа деза гlиллакхаш (áдáбаш) ду хlорш: 1. Некъах дерг хуучарех дагавалар. 2. ⁠Шиъ рак1ат суннат истихарат ламаз дина доlа дар. 3. ⁠Дика ният хилийтар шен некъехь. 4. ⁠Шен хаийта дезаш коьрта хlума делахь яз дина весакехат охьа диллар. 5. ⁠Тоба дина хилар, иштта ша нахана зулум бохам бинехь, и нах шена къинтlера бахар. 6. ⁠Шеца некъа доккху даьхни цlена хьаналниг хилийтар. 7. ⁠Шен буха буьсачу цlийнаохlлана ша юха валлалца тоъал буха даьхний дитар. 8. ⁠Некьахочуьнан бакъонаш lама яр, деша дезарг санна, йа хьажж lумратан обрядаш хилла уьш. 9. ⁠Доьзал цхьаннал сов болучо шеца муьлханиг буьга хьажархьама кхаж хьанна болу хьажар. 10. ⁠Дикачаьрга шена некъах лаьцхьа хьехар а доlа а дайтар. 11. ⁠Новкъа волучо шен гергарнаш а, шена бойзарш а Делан кера дели шу со новкъа волуш ву алар. 12. ⁠Ницкъ кхачахь еарин де харжар некъа вала. 13. ⁠Ша цхьалха ца ваха хьажар, дикачаьрца ваха хьажар. 14. ⁠Тlехуучухlуман тlе хиъча олург а, некъан деш долу доlа а диц ца дар. 15. ⁠Лакха хьала волуш такбийр дар, чу вусш тасбийхь дар. 16. ⁠Ша воьдачу метте юрта кхочу деш долу доlа дар. 17. ⁠Ша кхочучу метте дlа а кхаьчна, ша соцучу меттехь чу ваьлча (Аlузу бикалиматиллахlиттаммати мин шарри ма холакъа) алар. 18. ⁠Шен ара баьккхина некъ гlуллакх чекх ма даьлла шен хlусаме сиха юха верза хьажар. Адаб довзарехь стагана пайда хуьла.
168Jul 4
Live stream finished (55 minutes)
0Jul 4
Live stream scheduled for Jul 4 at 17:10
0Jul 4
Live stream started
0Jul 4